Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
qac Еqac*ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас паччахьашна хьалха, ийза а ца луш. Амма хІокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КІант, дІавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача». Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама». ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. ХІаллакьхуьлуш болчарна Іийса жІарах дІатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кІелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу. ткъа Дала тІекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьІна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар. Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. Цундела хІара массо а баланаш дІакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тІедогІур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода