Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна. Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна, хІорда чуьрачу чІерашка а дийцийта хьайга. Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла? Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гІуллакхех лаьцна дуьйцу цара. Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна. Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш. Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала. Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кІант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш. Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хІума хьул ца ло. Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тІедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хІун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дІаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода