Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода