Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. «ХІун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КІант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КІант ву». Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тІаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Іийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода