Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира. Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кІелхьарвоккхур ву хьо. Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». Кхечу къаьмнех болу нах Далла тІеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсас соьгахула дина доцу цхьа а хІума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гІуллакхашца а Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода