Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела. БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода