Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» «Веза Эла Хьариб-ломахь цІеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чІогІа ларделаш. Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цІу а вина – стеган я зудчун вастехь, лаьтта тІехь дехачу дийнатан я стигалахь тІемадолучу олхазаран вастехь, лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чІеран вастехь. Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода