Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгІенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Іехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хІилланца вай тиладолуьйту. Цундела, Везачу Элан цІарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хІинца чул тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Іелаш. Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло.
Выбор основного перевода