Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. Вайна хаьа, шира адам Іийсаца цхьаьна жІарах дІатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хІаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидІа ца хилийтархьама а, ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна. ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац.
Выбор основного перевода