Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Боданехь Іалашъеш йолу хазна а, хьелаш дІахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дІалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цІарца хьо Соьга кхайкхина волу. Билггал Ша къайлавоккхуш волу а, Шен халкъ кІелхьардаьккхина волу а исраилхойн Дела ву Иза. ХІума къасто хаар деха хьайна, гІуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дІалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тІаьхьаваьлла лелахь, ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
Выбор основного перевода