Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кІорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам. Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.
Выбор основного перевода