Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Тешар тІехь чІагІвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тІеэца. ХІунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хІума яа магадо цунна. Тешар тІехь чІагІвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. Муьлхха а йолу яа хІума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хІунда аьлча иза а Дала тІеэцна ву. Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХІора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Іа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Іа. Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тІехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, боху Везачу Эло, хІора а адам, гора а хІоьттина, Суна хьалха суждане гІур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хІора маттахь тоьшалла дийр ду». Иштта, Далла хьалха вайх хІораммо а ша-шех жоп лур ду. Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша! Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.
Выбор основного перевода