Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо. Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.
Выбор основного перевода