Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. Безамо доллу хІума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу. Цундела доккха хІума а дац, нагахь цуьнан гІуллакх деш тІаьхьахІиттинчара шаьш Делан лаамна гІуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гІуллакхашка хьаьжжина хир ю. Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула. И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама. Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант. Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар.
Выбор основного перевода