Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю! Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю. Цундела доккха хІума а дац, нагахь цуьнан гІуллакх деш тІаьхьахІиттинчара шаьш Делан лаамна гІуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гІуллакхашка хьаьжжина хир ю. Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
Выбор основного перевода