Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила». «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду. Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.
Выбор основного перевода