Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Уьш чІогІа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Іийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гІуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
Выбор основного перевода