Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. Доьналлин а, иракарахІитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта. И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Іалашо а йолуш.
Выбор основного перевода