Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». Тешар тІехь чІагІвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тІеэца. ХІунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хІума яа магадо цунна. Тешар тІехь чІагІвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. Муьлхха а йолу яа хІума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хІунда аьлча иза а Дала тІеэцна ву. Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХІора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а. Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чІогІа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Іемира дика а, вон а къасто.
Выбор основного перевода