Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгІат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгІат шайна кхачийтархьама. Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш. Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дІахІотто: къинах дІакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тІе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тІе сихлойла вай.
Выбор основного перевода