Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. Оха, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахІала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гІуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,
К Филимону
1
Выбор основного перевода