Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Аса доьху Деле шун даггара болу безам хІума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гІуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а. Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а. ХІун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гІуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кІелхьарвоккхур вуй иза? Нагахь вешина я йишина тІеюху хІума а, кхача а эшахь, ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дІагІо, дох а ло, дуззалц хІума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хІун пайда бу цуьнан? Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гІуллакхаш дацахь, иза делла ду. Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.
К Филимону
1
Выбор основного перевода