Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дІавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тІемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гІуллакх дан ваийтина ма вара. Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахІал ву. Цул сов, хІинца, Дала леррина Къобалвинчунна Іамал ярна, со тутмакх а ву.
К Филимону
1
Выбор основного перевода