Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хІара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц. Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.
К Филимону
1
Выбор основного перевода