Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дІавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тІемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гІуллакх дан ваийтина ма вара. Арихупе иштта дІаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тІелаьцна долу деза гІуллакх кхочушделахь». Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна.
К Филимону
1
Выбор основного перевода