Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХІорш бу Сан нана а, вежарий а! Амма аша шайн цІе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хІунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду. Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хІуманна тІехь муьтІахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Іаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцІена а лела. Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта. Шаьш санна Іийсах тешачу шайна тІехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гІуллакх дан деза цара. ХІунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Іийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
К Филимону
1
Выбор основного перевода