Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Кипа набахтехь велахь а, Іийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доІанаш деш яра. Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла». Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош. Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. Оцу тІехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дІавогІур ву. Къаьсттина доьху шуьга доІа дар, Дала со сиха шайна тІе юхаверзорах лаций.
К Филимону
1
Выбор основного перевода