Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Филимону
1
Параллельные места
Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца. ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. Амма ПахІал реза вацара, шаьш Пампилехь Іадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Іийна волу стаг шайца схьаэца. Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордкеманца Кипре вахара. Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гІуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаІа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чІогІа догъоьцура цара. Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. Лаудика-гІалахь а, ХІерапал-гІалахь а долчу шуна Эпарпис чІогІа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса. Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а. ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза.
К Филимону
1
Выбор основного перевода