Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза». Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхІароне дІаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гІо. Цигахь лаьттачу бартбаран тІорказан негІарна хьалха иза веача, АхІарон вала мега, хІунда аьлча къинош дІадахаран негІарна тІехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу. Юха старгІин цІий, шен пІелгаца цхьажимма схьа а эцна, негІарна тІе а, ворхІазза цунна хьалха а тухур ду цо. Ткъа нагахь, ларамаза гІалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, – уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тІаьхьенашна тІекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хІун дан дезар ду? Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагІина цхьа старгІа а, тІедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догІу кІен а, чагІаран а сагІанаш даха деза. Иштта къинан сагІина лерина цхьа бож а ян еза Дерриге а Исраилан халкъана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза. ТІаккха халкъана гечдийр ду, и гІалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гІалатана цо Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа а, къинан сагІа а даьккхина дела а. Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Іаш болчу тІебаьхкинчу нахана а, и гІалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна. Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагІина шо кхаьчна йолу газа ян еза. Цуьнан къинош дІадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду. Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тІебаьхкина Іаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гІалат а бевлла, къа латадахь. Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву, хІунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дІа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“». Динан коьрта да хІума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кІеда хила тарло, хІунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь. Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла.
Выбор основного перевода