Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Мусас АхІароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Іовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хІоттае, вайн тІаьхьенашна юьсур ю иза». «Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. Чухула а, тІехула а цІена деши лаца цунна. ТІорказна тІехула, цунна гонах, дашо сара лаца. ТІорказна йиъ дашо чІуг а яй, беа когахь дІачІагІъе уьш: шиъ цхьана агІор, шиъ вукху агІор. Акацих хьокхий а дай, тІехула деши лаца царна. Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. ЧІагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тІорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дІадаха ца могуьйту. ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. ШолгІачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхІаронан Іасано, заза а даьккхина, чІенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тІе зезагаш а даьлла, миндал олу, бІаран тайпа болу, стом беллера цо. Ерриге а Іасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дІагайтира Мусас. Массо а адам оцу Іасанашка хьаьжира, ткъа хІора куьйгалхочо шен Іаса дІаийцира. Везачу Эло Мусага элира: «АхІаронан Іаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тІорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а». Оцу экъанаш тІехь ахьа йохийначу шина экъанна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тІорказ чу охьаяхка“. ТІаккха акаци олучу дечигах ас тІорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тІе велира. Везачу Эло, Ша хьалха лам тІехь гуламан дийнахь цІеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тІе дІа а язбина, уьш соьга схьаелира. ТІаккха, лам тІера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тІе-ма-диллара, айса динчу тІорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хІинцца а цигахь ю». Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. И тІулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тІаьхьа. Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. ТІулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тІаьхьа.
Выбор основного перевода