Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тІекхаьчначу хенахь Іен долчу вайга, дІахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза. Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина. Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.
Выбор основного перевода