Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
АхІарон а, цуьнан кІентий а, гуламан четаран неІаре схьа а балабай, хица лийчабе. «ДІаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тІехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хІорш ду: Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Аша, адамийн Іадаташ схьа а лаьцна, Дала тІедехкинарш ца лору». ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. Цхьана агІор хьалха тІедиллина хилла парз дІадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна, (Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хІума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агІор хІинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо. ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху.
Выбор основного перевода