СтаргІин цІий хьайн пІелгаца сагІа доккхучу кхерчан маІаш тІе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта.
ХІора дийнахь цхьацца старгІа, е а йийна, къинна дуьхьал сагІа санна яккха, къа дІадаккхархьама а, сагІа доккху кхерч цІанбархьама а. Кхерча тІе даьтта дотта, иза беза хилийта.
Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тІе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас.
СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта.