Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю. Уггар езачу чохь долчу бартбаран тІорказна тІе негІар дилла.
Выбор основного перевода