Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иштта хьан дайн тІаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кІенташна а гІо дайтархьама. Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама. Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгІат санна, уьш хьан кара дІабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх кхочушдайтархьама. ХІинца Иза лаьтта тІехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хІунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагІанаш дохуш болу динан дай.
Выбор основного перевода