Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а, Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш. Цуьнгахула вай паргІатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала. Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо. Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагІанаш даха кхин ца оьшу.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода