Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода