Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дІакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьІа уьш, Цуьнгара хьехам дІа а оьцу цара. Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тІаьхьало ю. Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». Массо а тешачийн цхьа дегІ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тІекхайкхина ма-хиллара. Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода