Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. Вовшашна муьтІахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш. Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хІуманна тІехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву. Цуьнан дегІ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегІан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХІора межено, шен-шен похІме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегІ безамца хьала а кхиадой, дІахІоттадо. Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода