Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду. Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира. Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара. Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа. Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». И ши кІант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Іалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Іалашо. Динчу гІуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза. Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула иза кхочушдина Дала. стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода