Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Цундела шаьш доІа дечу хенахь хІокху дешнашна тІе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цІе сийлахь хуьлда! Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. Шу дага мосазза догІу, аса хастамаш бо сайн Деле. Шуна тІера доІанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волчу Далла. Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар.
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода