Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тІекхайкхина, ткъа, тІе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? Шен КІант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДІавеллачо, шеко яц, Шен КІантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгІатна лург хиларх!
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода