Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула. И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хІинца дІадовзийтархьама. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
К Ефесянам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода