Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе кхочур ду шу. Со шуьца вогІур вац, новкъахь шу хІаллак ца дархьама, хІунда аьлча шун халкъ чІогІа аьрха ду». Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогІур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа. Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?» Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ. Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза. Везачу Эло Шен халкъ дІатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.
Выбор основного перевода