Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора.
Выбор основного перевода