Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) Хийра халкъаш царна хьалхара дІалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дІа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хІусамаш чохь даха хаийра Цо. Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагІий а тІетабо.
Выбор основного перевода