Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара. Меттамотт болчу улло а веана, старгІин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чІогІа оьгІазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кІажехь охьа а кхиссина, йохийра цо. Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хІума а ца йиира, хи а ца мелира. ТІулган экъанаш тІехь бартбаран дешнаш дІаяздира цо: Делера болу итт хьехам. «Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тІорказ а дай, Со волчу лам тІе хьалавала. Оцу экъанаш тІехь ахьа йохийначу шина экъанна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тІорказ чу охьаяхка“.
Выбор основного перевода