Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт стаг вара (45650). Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. ХІунда аьлча цара шун кІентий Сох дІаберзор бу, кхечу деланашна Іамал яйтархьама. ТІаккха Везачу Элан дераллин цІе шуна тІехьодур а ю, Цо шу сихха хІаллакдийр а ду. Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тІаьхьа ца хІиттадайтархьама». Амма и зударий тІех дукха безарна, корта дІабаханера Сулим-паччахьан.
Выбор основного перевода