Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тІехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тІехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хІара санна сийлахь гІуллакх, я хезний те хІара санна дерг? ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь. Шайн хастамаш Цунна дІало. Иза шун Дела ву. Шун бІаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. Хьо тамашийна гІуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву. qac Еqac*рриге а тІейогІучу хенахь Хьан инзаречу гІуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду. Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.
Выбор основного перевода