Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тІулга тІехь яздина дерг хилла дІахІоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тІе ца хьажалора, и нур лагІлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай.
Выбор основного перевода